Неделя ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА!

25.04.2024

Оханан беттан 17-25 чуй деношкахь Гуьмсе-г|алин лоьмар 8 йолчу йуккъерчу ишколехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша   нохчийн меттан Денна лерина, дешархойн шайн матте, Даймахке болу безам лакхабаккха 1алашо йолуш, д1абаьхьира тайп-тайпана белхаш: нохчийн  йаздархойн книгийн д1агайтам, байташ йешаран къовсам «Ненан мотт- сан дозалла!»,  классал арахьара мероприяти «Нохчийн мотт- г1иллакх-оьздангаллин бух», нохчийн маттана лерина классан сахьташ, КВН, викторина, «Хаарийн б1ов». Мероприятешкахь жигара дакъа лецира 1-11-чуй классийн дешархоша.