День конституции Чеченской Республики

23.03.2018

     23 мартехь 2003 шарахь Нохчийн Республика Конституции т1еэцарца къамелаш дира 2а,7а,6в класси берашца -  «Халкъано хаьржина бакъонан некъ»

     Х1ора шеран 23-г1а март 1ай, б1аьстей къаьста де лоруш ду,  махкарчу 1аламан низаме дилча, вай къомо. Ткъа  2003-чу шеран 23-г1а март Нохчийн Республикехь дехачу массо а къаьмнийн нохчийн халкъо къастийра шен хинйолу кхане, керла конституци т1еэцарна лерина йолу референдум. Цу дийнахь яьккхира нохчийн къомо машаречу дахаре йолу шен хьалхара г1улч, - элира шен къамел дола деш Юсупов М.А.

 

Къомо къастийра, Нохчийн Республика, шен конституции а йолуш, Россин субъект а ларалуш, массо а къаьмнашца машар а,  барт а безаш, Россин кхийолу субъекташ а санна, маьршачу дахаран республика хилар.

    Нохчийн Республикан хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, цунах халкъ тешар бахьана долуш, хилла а дара.

Дикачу аг1ор хиллачу хийцамех лаьцна дийцина вер а воцуш, туьйранахь санна, х1ора дийнахь керла кхиамаш бохуш, Россин кхечу субъекташкахьчул а машаре дахар а долуш, ехаш ю вайн республика, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича куьйгалла а деш. Кхиамца шен ден весеташ, цуьнан лаамаш, хьежамаш, сатийсамаш кхочушбеш схьавог1у иза, - т1етуьйхира Магомедас.

Къамелах пайда оьцуш чекхделира сахьат.